КIайбелла тхан дадин корта,
Дийцарш хаьа цунна шортта,
Йина вер вац церан чот,
Хаза буьйцу дадас мотт.
ТIуо-берам бо тхуна бабас,
ДIахIоттайо шурин кхаба,
Олу тхоьга: «Мала чай!»
Куьйгаш дуьлу оха тхайн.
Горга шуьне тхо схьагулло,
Пису догIу тхуна улло,
Бабас цунна шура ло –
Цицигаш а мац ма ло.
Аьхке чIогIа хаза йогIу.
Ишколера мукъадоху,
Лийча доьлху ахка тIе,
Хаза хуьлу аьхка де.
Стела1ад №2. 2024















