«Баба, корта лозу сан», –
Лоьмас даьккхи доккха са.
Важа, кхерайаларца,
Кухни чуьра йедда схьа.
«ХIун хилла сан кIорнина?» –
Хоьтту кIанте, йахьийна.
Хьаж тIе дуьллу цо куьг шен
«Дагар ду, йа лозу церг?»
«Лозу корта, церг лозу, –
Лоьме чIогIа мохь оьху, –
Сан ца лозуш хIума йац.
Сох къахеташ цхьа а вац.
Школе шозза некъ бойту,
Дукха книгаш йоьшуьйту.
Йоза йаздар кхачош дац,
Кхин садетта ницкъ ма бац.
ДегI лозу сан Iуьйранна,
Баба, ахь со ма хьеве.
Хьожур ву со туьйране,
Телевизор латайе».
Бабас тIаккха сацадо
Цомгашчунна лор вало.
Важа-м сихха схьакхечи,
Лоьме хьаьжи леррина.
«ХIара цамгар керла йац.
ДегIах къасто хала дац.
Цамгаран цIе йу «мало»,
Доьху, шу ма кхерало.
Ас ши маха тохарца,
Доккхур ду цамгаран са.
Хьайна гIоле хилийта,
Лоьма, маха тохийта».
Лоьро маха хьахийча,
Кхеравелла хIилланча,
Школе ваха сихвели,
Цамгар цунах дIакъаьсти.
Стела1ад №2. 2024















