ГАУ «Издательский дом»

Закаева Макка. Дийцарш

Закаев Мохьмадан Макка йина I999 шарахь Соьлжа-ГIалахь. Соьлжа-ГIалин №49 йолу ишкол чекхйаьккхина цо 2016 шарахь. Школехь доьшуш йолчу дуьйна литературица зIе тасайеллера йоьIан. Цо самукъадаларца йоьшура нохчийн а, дуьненайукъара йаздархойн говзарш. НПХЬУ-те деша а йахана, кхиамца иза чекхйаьккхира Маккас 2022 шарахь. Йазйан йолайалар школехь йолуш хиллехь а, шен дахар литературица доза лаар университетан тIаьхьарчу курсашкахь бен билгал ца делира йоIана. Цу тIехь боккха тIеIаткъам бинарш бара Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Абдулаев Леча. НР-ин Йаздархойн Союзехь кегийрхошна лерина цара йеш хиллачу семинарашкахь йазйан ойла чIагIйелира Маккин. Карарчу хенахь Соьлжа-ГIалин №49 йолчу йуккъерчу ишколехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархо болх беш йу Макка. Иштта, НПХЬУ магистратурехь доьшуш а йу. Ойланаш кIорггера йолуш, васт хIотто хууш, шен йозанан хатI кхиош йу Макка, цуьнан иза дика а нисло.

Iаьржа хьаргIа

ХьаргIано дитта тIера схьа йо гIовгIа, кху гIаларчу тевно садукъийначу стага паргIат дуьххьара доккху са санна, хетара… ХьаргIан йекар ца догIура кху гIалин маттаца… Шех кхеташ цхьа а вуй-те кхузахь бохуш санна, мохь беттара цо… ХIара хьалахьаьжира… ХIан-хIа, ши бIаьрг хебо оьшуш а дацара. ГIовгIане Iаьржа сурт къеггина гуш дара. Мелачу махо гIийла лесточу, цхьана дуткъачу гаьн тIехь хиина Iара и… Нохчийн маттахь шега цхьаъ вистхуьлуш санна хийтира кхунна, дитта тIерачу хьаргIина тIе хьажар доьгIна, ша гIашлойн некъана йуьстахо сецча. «ХIей нах! Шуна со хезий?!» – бохуш. «Хеза! Суна хеза хьо!» – ала лиира… шен са цу декъазчу олхазаран синах хьаьрчича санна. «Схьаала соьга! Со ладугIуш йу хьуна!» – ала лиира… Амма… Амма оцу цхьана гIанта тIера хьалаиккхинчу жимачу стага, куьйгаш вовшахтоьхна, цIаьххьана йаьккхинчу гIовгIано кхерийна, къахкийра хьаргIа… ТIам а тоьхна, диттийн баьццарчу гIашлахь къайлайелира иза… Цуьнца цхьаьна тIемаш девлла йолу кхуьнан ойла а. Шен са а цу хьаргIица дIахийцира кхуо… ДIахийцира аьлча а, хеца лиира-кх… Цкъа мукъане а лакхара чухьажа адамийн куралле, адамийн синойн кIезгалле…
Жима стаг, гIант даьсса ца дита санна, йуха а охьахиира шен накъостана улле… Цуьнан велар хезира кхунна… Цуьнан велар, йилбазмохь а хилла, дийкира кхуьнан лерсинехь… Са дахханчахула дIабахара йилбазмохь а. ХIетталц шен дог дуьзначарах цуьнан дог а кхаьрдира. ТIам бойна олхазар санна, Iаткъамо лазийна, чов йина синан ойла кхуьнна хьалхахь лаьттах а кхетта, йаьржина, дIайахара. ЦIена дог а, Iаьржа хьаргIа а кхунах кхаьрдира…

……………………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2024)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.