
Яралиев Юсуп вина Веданан кIоштарчу, гIарайаьллачу нохчийн ширачу йуьртахь Хорачахь. Ишколехь доьшуш волуш, вара иза стихаш йазйеш. Уьш цо шайн кIоштахь арадолучу «Колхозан дахар» цIе йолчу газете хьора. Цу хенахь цигахь болх беш бара республикехь гIарабевлла поэташ Кибиев Мусбек, Гацаев СаьIид, Сулейманов Юсуп. Цара хазахетарца тIеоьцура кхуьуш вогIу поэт. ХIинца Юсуп баккхийчу поэтийн могIарера гIараваьлла нохчийн поэт ву. Юсупан йерриг кхолларалла къаьсташ йу шатайпанчу васташца, халкъан поэзин мукъамашца.
Яралиев Юсупа, университет чекхйаьккхинчул тIаьхьа, дуккха а шерашкахь хьехархочун болх бина. Цунна дика девза берийн дахар, церан сатийсамаш, лаамаш. Царна лерина Юсупа йазйина дуккха а говзарш. Царах шиъ оха шуна йовзуьйту.
ЙЕЛАЙЕЛЛА ТОВШ ЙУ НОХЧИЙЧОЬ!
Дуьне-Iалам хаздо
Ц1енчу бIаьстено.
Дайн сийлалла йазйо
Мехкан хазалло.
Заза го кIайделла
Ц1енчу Нохчийчохь!
Серло йоьлу денна
Берийн бIаьргаш чохь.
БIаьргаш ирсе лепа,
Лууш дика дан.
Мехкан сибат хета
Хаза гина гIан.
ГIуьтту гIишлош говза,
Бераш даккхийдоь!
Йелайелла товш йу
Хьоме Нохчийчоь!
……………………………..
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2024)















