ГАУ «Издательский дом»

МАГОМАЕВА Марем. Лачкъийна ирс

Ирсана тIаьхьадевдда лелачу хенахь, даха дицло адамашна. Царна дицло дуьненан хазаллах а, Дала шайна йеллачу могашаллах а даккхийден. Буьйса денца хийца а луш, маьлхан йовхо беттасино лахйеш а ца го царна. Хьогалла хица йойъуш, мерзачу стоьмех мацалла Iабор а долу коьртера дIа.


Адамашна дицло, шайн гIелделлачу догIмийн лаамашка ла а дугIуш, Дала кхочушдан тIедиллинчух тоам а беш, даха.
ХIора ирсе хила лууш ву. ХIора ша цхьамма ирсеваре сатуьйсуш а ву. Цхьа а вац кхиверг ирсе ван араваьлла, йа оцу ойланца вехаш а. Адамийн дакъазалла хир йу-кх иза а – ша ирсе вийриг лехар, ша ирсе венверг лиэха а ца лоьхуш, йа иза ган а ца гуш.


Цо дуьненан а, дахаран а ойла йо-м дукха хан йара. Ша Iаламат кхетам а, хьекъал а долуш хетара цунна гуттар а, хIоранна а санна. Бакъду, оцу хIуманан дикка ойла-м ца йинера цо цкъа а. Ирсан ойла а йеш, и леха а лоьхуш, шовзкъа шаре йаьллачу цуьнан цкъа а ойла ца кхоллайеллера, ша ирсе венверг мичахь ву-те аьлла. Мацах, Исаева Марема бийцина ирсан орам, мичахь зIийдиг хецна, болалуш бу-те аьлла, ойла ца хиллера цуьнан. ХIун ду-те иза? ХIоранна а лаьа ирсе хила, амма цхьадолчу адамашна ца лаьа ирсениг ган, цунах даккхийден, цуьнан ирсах даккхийден.

ХIора зудчунна зудчун ирс деза, ткъа и кхечуьнгахь, ша санна йолчу зудчуьнгахь, ца деза цунна иза. Шегахь бен. Иза хьакъ а ца хета оццул доккхачу ирсе кхача. Ирс а дайна, ган лаьа, ша воцург. Ирс дайна, дакъазаваьлларг ган лаьа, йуха цунах къинхетамаш а беш, кар-кара а оьцуш, вовшашка дийца а дуьйцуш, цуьнан гIалатех кхарда. Нехан гIалатех кхарда. Нехан вуонах даккхийден… Нехан вуонехь гулдала, цхьаьна а кхетта доьлху бохуш, кхечарна, ша санна, куьйгийн пIелгашна йуккъехула дIаса а хьоьжуш, нехан ледарлонаш лехьош Iачу кхечарна гергахь диканаш хила. Ткъа и лакхахь хьахийна ойла, ирсан орамах йолу ойла, цкъа а ца хиллера цуьнан, цхьана хIуманна ша тIенисйаллалц. Ца хиллера, цхьа хан тIекхаччалц.

Бераллехь дуьйна Россин шортонаш дукха гинера цунна. Церан да Россин эскаран эпсар вара. Арме воьду, аьлла, араваьллачул тIаьхьа, кхин цIа а ца вогIуш, тIеман гIуллакхдеш висира иза. ТIаккха Iедало Россин уггаре а шийлачу, генарчу цхьана областе хьажийра. Цигарчу цхьана гIалахь петар а йелла, дIанисвира. ТIаккха цIа а веана, шозза ирахьIен а веана, зуда йалийра – церан нана. КIира а далале, цIерачара шайх дIайолийта, цIахь йита бохушшехь, шен зуда а эцна, «шуьга хьийзайайта йалийна–м йац хIара» аьлла, дIавахара. Шо а далале, иза дуьнен тIе йелира, кхин ши шо даьлча – цуьнан ваша. Школе йоьду хан а тIе а кхачале, меттиг хийцира кхара. Цул тIаьхьа – шиъ, кхоъ, итт областаш, гIаланаш, йарташ… Цигахь шийла хуьлура чIогIа. Мехаш долуш а, доцуш а, ло, дарц хьийзош а, новкъахь машен дIайайна висахь, тIекхача стаг а воцуш, гIорийна леш меттигаш а хуьлуш.


Нанна чIогIа ца лаьара цигахь йаха. Цунна цIайан лаьара. Оцу шелоно а, оьрсийн матто а, хийрачу адамаша а гIелйинера иза. Уггаре а халаниг дас холчудаьккхина дахар дара. Цо чIогIа молура. Иза вехна воцуш шозза йа кхузза бен ган а ца гинера цунна. Вешина ганне а ца гинера.
Шен накъостий-эпсарш балабора наггахь дас шеца. ЦIена а, кечбелла а, дукха хан йоццуш йаьшна маж йолу (царах а йогIура, дех санна, «Саша» одеколонан хьожа) уьш, дукха сиха хийцалора, эрчабовлура, маьттазабовлура, цхьана меттехь сацалуш хьажар а доцуш. Наггахь, школера чуйогIуш кхунна гора уьш. Нанас хIарий, ваший тIехула догIа а тухий, дIакъовлура тIаккха шайн чохь, наггахь ша а цаьрца дIа а лечкъаш.

Иштта бехара уьш. Иштта хене буьйлура. 1990-чу шарахь, полковникан дарже ваьлла да пенсе вахча, уьш цIа баьхкира. Нохчийчохь а дара цу хенахь чолхе хьал. Цунний, цуьнан вешиний къаьсттина хала дара. Наггахь хьошалгIа дахкар доцург, кхин цIахь хилла а боцу уьш, дIа ца элора кхечу берех. Церан накъостий а, доттагIий а бацара. Цушимма даима а книгаш йоьшура, царах шайна накъостий а беш. Уьш кхузарчу берех къаьстара. Церан хьежамаш цхьатера бацара. Гергарчаьрца цхьаьнакхетча тийна Iара, цара: «Шу схьаийна дац, гергарло лело лууш дац» бохуш, даима а тIехбеттамаш а беш. Нанас цхьаццанга хьошалгIа оьхуьйтура и шиъ: «ГIуо! Даха деза. Довза ма деза шу вовшашна. Гергарло леладаррий терра бен хир ма дац», – бохуш. Бакъду, хийцалуш хIума-м дацара. Церан вовшашца самукъа ца долура. ХIара шиъ, догъIаьржа, гергарло ца дезаш хетара. И шиъ даима а шаьш дара……………………………………………

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2024)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.