ГАУ «Издательский дом»

Мусаев Сулиман. Берашна нохчийн турпалхойх. Цоци-Эвлара Оьздамар

Очерк

Кавказан тIеман йуьххьехь нохчийн ламанхойн
уггаре а цIейахханчу баьччех цхьаъ вара ЦоциЭвлара Оьздамар. Майра, доьналла долуш, оьзда,
нийсо йезаш, бакъволу къонах хилла иза.
Шоьнара схьабевлла Оьздамаран дай. Цигара
Акхбулат-Йуьрта дIабахна уьш, цигара дIа –
Азамат-Йуьрта, йуха Гермчигахь баха хевшина.
Хетарехь, цигахь дуьненчу ваьлла Оьздамар ХIX бIешеран йуьххьехь. 30-чу
шерашкахь, Шемал Нохчийчоьнан имам а кхайкхавале, нохчийн тобанашна
коьртехь паччахьан эскаршна дуьхьала тIемаш беш хилла иза. Ткъа Шемал имам
хаьржича цо наиб а хIоттийна.

Зама кхераме йара. Нохчий къарбан, уьш шен олаллин кIелахь совцон сихсиха нохчийн йарташна тIелеташ, уьш йагош, йалташ, бошмаш хIаллакйеш,
даьхни дуьгуш, маьрша адамаш дойъуш Iазап латтош хилла паччахьан Iеда
вайн махкахь. Иштта салташа къиза йагийна, адамаш дайъина дIайаьхна
Iумхан-Йурт, Сайди-Йурт, ЭгIишбатойн-КIотар, дуккха а кхинйерш. Эскаршна
дуьхьало йан мелла а аттаха хилийта, цIеххьана тIелеташ йарташ хIаллакйан
церан ка ца далийта кегий кIотарш вовшахатохий, йарташ йахка аьлла омра
дина хилла Шемала. И омра кхочушдеш, Хуллон тогIехь Iоьхкуш йолу кIотарш
вовшахтоьхна, керла йурт йиллина наиб Оьздамара. Керлачу бахархошна йукъахь
цхьа воккха стаг хилла, Цоци цIе йолуш, шен ийман хиларца а, комаьршаллица
а цIейахна. Массеран а барт хилла йуьртана а цуьнан цIе тилла. Иштта I840-чу
шарахь йиллина йу Цоци-Эвла.


Шен бIоьн коьртехь паччахьан эскаршна, гIопашна тIелеташ дуккха хьуьнарш
гайтина Оьздамара. Царех цхьаъ далор вай масалина.
Мазлакехь чубоьхкина латтош тутмакхаш хилла Iедалан, шена муьтIехь ца
хиларна бехке бина. Уьш мукъабаха сацам хилла I840 шеран гурахь имама
дIайаьхьначу кхеташонехь. Биъ баттахь сов кечам бина ламанхоша, Мазлакана
тIедоьлху некъаш а, цигара хьал а толлуш. Шаьш и кечам беш гIопана гонахарчу
йарташкара бахархошна йукъахь и Iалашо кхочушйан гIо дан кийча тешаме
накъостий а карийна царна. Уьш бара гIебартойн Урух цIе йолчу йуьртара элий
АнзоровгIар а, элий АлхазовгIар а, Тускаевн кIотарара бусулба хIирий вежарий
ТургиевгIар а. Ала деза, тутмакхашна йукъахь кхечу къомах нах а бара дукха.
ТIелатарна коьртехь лаьтташ мудир ЦIонтаройн ШоIип вара, ткъа Оьздамар
тутмакхаш мукъа а баьхна схьабогIучу шен накъосташна некъ маьрша баккха
безаш вара. Шеца схьавеъна бIе накъост а, иштта Теркйистера гIоьнна веана
чермойн тайпанах бIе стаг а вара цуьнца. Йоккха корматалла йезаш гIуллакх дара
иза, хIунда аьлча Мазлакана гонаха дуккха а гIалгIазкхийн станицаш а, кIотарш а
йара, цундела церан орца тIекхачахь иза йухатоха а дезара Оьздамаран бIаьхойн.

Билгала йинчу хенахь цIеххьана гIалгIазкхийн чIагIонна тIелетира Оьздамар.
ТIом чIогIа луьра бара. Йоццачу хенахь гIалгIазкхийн дуьхьало хьаьшна, тутмакхаш
мукъабаьхна богIучу ламанахошна некъ мукъабаьккхира цара. Цу дийнахьа I8
нохчийн а, иштта дуккха а гIебартойн, хIирийн, гIалгIайн тутмакхаш мукъа а баьхна,
цIабирзира ШоIипан, Оьздамран бIо. Дукха гIалгIазкхий хIаллак хилира цу тIамехь.
I903 шарахь цу меттехь хIоллам хIоттийра Мазлакера Iедало, I84I шеран бекарг
(март) беттан 3-чу дийнахь эгначу гIалгIазкхийн цIераш тIехь а йолуш.
Маттана шера стаг а хилла Оьздамар. Синкъерамехь цхьана йоIа шех ца йешаш
кеп хIоттийча, цо аьлла бохуш дуьйцу: «Балкханий, Басханий йуккъехь динна
баргол йетташ кIант ву хьуна со, шедакхажжал долчу тIаьрскнах туьманал хьаса
баккха йоI йац хьо, куралла ма йелахь суна». Цуьнан говза дош тайна, цуьнга
маре а йеана цул тIаьхьа и йоI. «Балкх», «Басх» цIераш йолу топонимаш тахана
билггала муьлха йу хууш йевзаш йац вайна, Оьздамаран дешнаш тидаме эцча,
вовшашна гена хила йеза уьш аьлла-м хета.


I842 шеран оханан (апрель) беттан 30-чу Iожалла хилла Оьздамаран. Эндарера
Акаев Чагай цIе йолчу ведда лелачу стага йамартлонца вийна иза. Цуьнан бахьана
билггала хууш а дац. Цхьаболчара дийцарехь, паччахьан Iедало кхаъ белла,
Оьздамарана тIаьхьа ваьккхина стаг хилла иза. Вукхара дийцарехь, чIирана вийна
иза: I840 шарахь паччахьан Iедалан муьтIахь йолчу гIумкийн элийн йарташна
тIелатар дина хилла Оьздамара. Эндаре цIе йолу йурт а хилла царна йукъахь.
Шемала шен керлачу пачхьалкхан орденаш уггаре а хьалха йеллачарех ву
Оьздамар. Цуьнан кхаа орденах цхьанна тIе йаздина ду: «Оьздамарал майра
стаг а вац, цуьнан туьрал ира тур а дац», – аьлла.
Шен дерриге а дахар къоман маршонна лерина цо, цкъа а луьрачу тIемашкахь
шен са кхоош а ца хилла цу турпалхочо. Даиманна а вайн къоман иэсехь виса
хьакъволуш къонах ву Оьздамар.

Вайнах № 3. 2023

2 комментария

  • We stumbled over here by a different website and thought
    I should check things out. I like what I see so i am just following you.
    Look forward to looking at your web page again.

  • What’s uup mates, how is everything, and whhat yyou desire tto ssay on tthe topic
    oof this piece off writing, in my view itss rreally awesoome inn favor off me.

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.