ГАУ «Издательский дом»

Сулейманова Разет. Шот де

Дийцар

Шота кхаьрга кхаьчна дукха хан йацара. Ша доггIушехь, массарна а хIара хIусам йузуш токхе а йеара цо, хIоранна ша дезадалийта некъ карош. Чохь меттах мел волачунна тIаьхьа уьдуш, когех хьерчаш, уьйра лаца лууш дара иза. Ловза лууш-м массо цициг кIорне а хуьлу. Амма Шота тамашийна, башха цициг дара. Иза тхоьга кхачар а дара ша тайпа. Маретана, туьканара йогIуш, нехаш дIа кхуьйсучу йаьшки чохь карийна, цхьа бутт хан хила тарлуш, хьаьрса а, месала а цициган кIорни йара иза. Бакъду, и хьаьрса хилар шолгIачу дийнахь бен гучу ца делира тхуна. Шот дийнахь карийнера иза, цундела цIе а Шота тиллира оха.
Маретана карочу хенахь жIаьло хьекхийна чевнаш йолуш, цхьа бIаьрг лазийна а, шелделла а, халла садоьIуш а дара иза. Марета чу деана, батарей йуххе гата тесна, цу тIе охьа диллича-м иза цхьа хоттан карчолг йу мотталора. Дикка хьаьжча бен ца кхетара и цициган кIорни хилар. Даим цицигах кула долуш йолчу Марета и чудалор а дара тамашийна хIума. Шелоно а, мацалло а, чевнаша а гIелдинчу цунна тIех ца йалайелла схьадалийнера цо. Бакъду, иза дийна дуьсур ду аьлла ойла хIара гиначуьн цхьанне а йацара.
Амма шолгIачу Iуьйранна чухула уьдучу цициган гIовгIано цецдехира тхо массо а, ша иштта атта къарлур доций хаийтира цо. Селхана, йовхачу кхаьчча, мелачу хин кIелахь лийча а дина, шприц-мехаца жим-жима бага шура а йуттуш, дузийча, дукха хан йалале шена лаьтта тесначу гатан тIехь хьаьрчина дIадижнера иза, паргIат даьлла. Наб тоьана, дуьзна, дохделла цициг, корах чу къедачу хьалхарчу маьлхан зIаьнарца ловзадаьллера. Цхьанне а цунах новкъарло ца хуьлура. Мелхо а, иштта и ловзадаьлла гича, самукъаделира чохьболчеран.
Бехк бацара Маретан жимах йолчу йоIан Асетана а иза дезадаларах. Ишколера ша цIа кхоччушехьа, тIоьрмиг охьа билла ца ларайора иза, бIаьргашца кIорни лохий, сихха цкъа мара йуллий и хьостий, тIакха цуьнан чевнаш тIехь дарба дан йолалора иза. Баккхийчарна-м даьхнийн лоьрана иза гайта дага а ца догIура, йа цунна тIе дига деза аьлла а ца хетара, къа хеташ чу далийнехь а. Дик ду телефон хилар. Асета, интернет чу йолий, лохура цицигана дарба. Цу чуьра хиира йалхалгIачу классехь йолчу йоIана цициг бIаьргаш лозуш делахь «тетрациклинови» мазь хьакхайезаш хилар. ШолгIачу дийнахь йолийра бIаьрга мазь хьакха а. Кхо-диъ де даьлча хьаьира бIаьрг, амма са гуш, могуш бIаьрг цунах хир боций гуш дара. Шотина тIехь «лоралла» дан йолайелча Асета сацам бира, ша йоккха хилча даьхнийн лор хир йу, аьлла.
Жима кIорни, ах дегI чевнех дуьзна доллушехь а, самукъане а, тIах-аьлла а хьийзара. Мел дог ца догIург а шеца ловза воккхура цо. Шен цхьаъ бен боцу «эхь доцу бIаьрг» цкъа схьахьажабой Асетан дог ловза доккхура. ТIаккха иза шеца ловза кийча йуй хиъча, когах цергаш тийса долалора иза. Иштта сахьтехь а, кхин сов а Iийр дара и шиъ, кIорда ца деш. Амма урокаш а хуьлура йан йезаш, чохь нанна гIо дан а ларайан йезара. Ша кхунах ца йаьккхичхьана, хIара реза йара и массо гIуллакх дан а.
Асет Шотах йаккха ойла ненан а йацара. Цо тидам бинера, тIаьхьарчу хенахь йоьIан дешарца а дикачу агIора хийцамаш гучабийларан, чохь гIуллакх дарехь а сов йала гIертаран. Дан дезарг, шега хьалха санна, йух-йуха ца бохуьйтуш, дина карадойтура кхо. Нанна хаьара, и цицигца ловза хан сов хилийта, урокаш ца Iамийна аьлла ша цунах ца йаккхийта, лелош дуй. Иштта дика тIеIаткъам беш долчу доттагIчунах дIа къастайойла а дацара. Цул совнаха, ша а, берах санна, дIайоьллера иза Шотех.
Лулара йа гергара цхьаъ чу веъча: «Сел эгIаза долу и чохь муха дуьту аш?» – олий, хаттар а даладора бегашийна санна. Ткъа Асетана цул хаза цхьа а хIума ца хетара. И хаттар луш верг а гIеххьа «гамлора» кхунна, реза йоцуш, и дIа воьду хан а ларайеш. Шен цицигана хьешера новкъарло хиларна кхоьрура йоI. Новкъарло-м хIинццалца ца хиллера Шотина, чу веанчуьнца а ловза долий, шен эгIазалла йицъеш гергарло таса а, самукъа даккха а ларадора иза, Iусам кхаьрга валлалц…
Iусам шен аьрха хиларца массеран а бага вахан вара кхеран куьпахь. Иза кхойтта шо долуш, гIийла, озачу дегIехь, Iаьржа, уьдуш бIаьргаш а, иштта Iаьржа, йаьржина месаш а йолуш кIант вара. Шен нийсархошца тарлуш вацара иза дукхахьолахь. Ишколехь дешарца а ледар хиларца вевзара Iусам. Иштта амал йолчу цуьнца доттагIалла таса лууш цхьа а вацара. Схьахетарехь, цуьнца тарлуш цхьа Марет бен йацара. Цунна цхьанна карабора Iусамаца бийца мотт. КIант жима велахь а, кхиина ваьлла къонахчунца санна бара цуьнан ларам. Цхьанхьа тIе ца лоцуш, эккхийна лелочу кIантана тамашийна а дара иштта Маретан шеца ларам хилар. Ткъа цул чIогIа тамехь а хетара, цхьамма а ца леладо гергарло цуьнан шеца долуш. Цундела сих-сиха вогIура иза кхаьрга хьошалгIа. Тахана, вогIушехь, цуьнан бIаьрг Шотина тIехь сецира.
Iусама мел хьаьстича, куьг хьакха гIоьртича, «цициган кхача» тесна и Iехо гIоьртича, аьттехьа ца доьдура цунна Шота. Мелхо а, цунах къехкара иза. И тамашийна хIума а дара. Массаьрца а ловзуш долу и кхунах уьдура, ша схьалаьцча, куьйгах цергаш йухкуш мукъадолура, диван кIела дIа а лечкъаш. И «кхетам боцу» кIорни бен йоццушехь а, гIеххьа цунна оьгIазло гайта волавелира эххар а хьаша.
Бехкала йахан Марет дайдан гIоьртира и гIуллакх. Цо дийцира Шота шена муха карийна а, цхьана къизачу адамо и дIа кхоьссина хилар а, тахана гуш долчу хьоле и дало цунна тIехь Асета дукха «лоралла» дина хилар а. Шена хезначо ойлане ваьккхира Iусам. Цо цIеххьана Маретан йуьхь тIера дадийра шен хьажар, эхь хетта корта таIош. Цунна дуьхьала деара сурт: иттех де хьалха керта деана жимачу цицигана тIаьхьа жIаьла даьлла а, цу жIаьло и бага къевлина шена хьалха охьадиллар а, ша и чIогIа лазийнийла хиъча, цунна оьшу дарба ца деш, нехаш кхуьссучу йашки чу тасар а. Хьанна моьттура, кхетам боцчу жимачу цициган а иштта сирла иэс хуьлий? ХIинца и дерриге Маретан хаахь, цуьнан шеца йолу йукъаметтиг галйера йу-кх, аьлла кхерам тесира кIентан даг чу. Цо шен дагахь чIагIо йира хIокхул тIаьхьа цхьа а гIийла экха а, дийнат а тидам боцуш ца дита, оьшучохь царна гIо дан а.

Вайнах 2.2023

4 056 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.