ГАУ «Издательский дом»

МИНЦАЕВ Iальви. Стихаш

Деган цхьамза…

лелачуьра деган цхьамза сацахь,
карор дац кхин дегIана
шен са цIахь…

сан дахаран малх дIабайча, тIадам
буьллуш наха, бийр бу сох
шайн кадам…

Къуръан доьшучуьнан сирла мукъам
бекар бу-кха, сан са доккхуш мукъа…

сан когаша мел идийна некъаш,
Iа мега-кх, сан лараш лоьхуш, пекъарш…

хIусам хир йу, соьца хилларг дийна,
сох бисинчу маьнганал а тийна.

сан ши мача, ас лелийна духар,
луур дуй-те цхьанне а тIедуха?

шайтIано сан болар дохо лууш,
мачин чу кхин тIулг кхуссур бац, хууш.

дов дийр дац кхин сан пIелгашна эрзо,
чов йина шен, лазош санна герзо…

кхо мерз хаьдда пондар Iуьллур бу сан,
ас цхьаллина белхабинарг буса…

ас кехаташ йаздеш хилла къолам,
тарло къайллах кхечо баккха дола.

тIаьхьа йоьлхуш аз доцучу лоьмах,
йиса мега и сан байтийн оьмар…

лелачуьра цхьамза сацахь деган,
со ца хилча санна дIаван мега…

ца хаьа…

гIургIезан бос болу йеха коч йуьйхина,
лаьттара чан лахьош девзиго санна,
суна тIехйолуш, цкъа хьоьга мохь туьйхира,
цIе муха йоккху хьан, ца хезаш цхьанна…

ахь хьайн цIе санна, сох лачкъийна гуьйрено
и де кхин ца гайти, дахарехь суна.
цу дийнахь, хьан мотт а цу эхьан гýрано
лецира, сан бIаьргаш гиначохь хьуна.

цу дийнахь хьан цIе ца хаззал къорвоьлча со,
«хазалла хилла те, бехкениг цунна?» –
бохуш, цу хаттарна жоп доцуш къанло со,
йуха а къонло со, ойлайой хьуна.

къоркхокха, хIоразза малх гIоттуш Iуьйранна
бIогIаман серан тIехь бекара суна…
со цунах кхетара, цкъа мацах гуьйранна,
хьоь кхойкхуш хиллачу цу йоIах санна.

со кхета гIертарх и цхьа къайле хиллера,
хьуний цу йоIана бен хууш йоцу.
цу къоркхокхано йуьйцург хьо хиллера,
шена тIедоьгIна сан бIаьрса а лоцуш.

гIургIезан бос болу йеха коч йуьйхина
хьо суна тIехйуьйлу ойланехь хIинца…
суна сайн дахаран бIов денна йухуш го.
хьан цIе «ца хаьа» – йу, йиснарг сан сица.

***

Ас хьан амал хала йешна,
лоьрийн йоза санна.
Ас хьан йелар дукха дешна,
тера доцург цхьаннех…

Суртдиллархо со вацахь а
кхачош дийнна къолам,
кехата тIехь къайллах ди ас
хьан бIаьргашна къола.

И хьан «бIаьрхи-жовхIар» дерриг
къайладаккхал кIорга
хьан бесни тIехь кIаг бу, берриг
дашо болуш, горга.

Суна тов хьан оьгIазалла –
тIаус, кIайн бос болу.
Цуьнца йу-кха шен хазалла
бIаьргаш Iехор болуш.

Амал йеша, суртдилла со
говза хили, амма…
«йеза» – олу, говзаллех со
ца Iамий-кха цхьамма…

100 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.