ГАУ «Издательский дом»

Роза МЕЖИЕВА. Стихаш

КАВКАЗ

Паччахьан деза таж санна,
Наггахьчу тIулгийн гар ду.
Хьо, Кавказ, Iаламан таж синан
Лазам а, безам а бу.
Наггахьчу къаьмнийн дозалла,
Йусталуш йоцу хазалла!

Туьйранен нохчийн мохк,
Хазбой
Цкъа хьехийн кIайн зазано,
Турпалхойн тур санна, базбой,
Кавказо цуьнан сий до.

Ткъа ломан лайн баххьел дехьа
Чопанехь, хIорда йисттехь
Бал, розийн бошмашкахь йеха
Колхида шерийн ховхехь.

Туьйранийн беза мохк сан
Ду иллийн илли сан сина.
Хиънехь а бохамийн чам.
Бевза хьо Йалсмане санна.

ДIо – Казбек, дIо – Эльбрус дегIехь.
Массанхьа йукъа хьун йу.
Воккха стаг воьлхур ву кертахь –
Чергсичун иэсехь хир ву.

Кавказ, хьо таж Iаламан!
Лазам а, цIий а ду сан.
ХIун хилла-те къаьмнех хьан?
ХIун хила дозаллах хьан?

Таж тIера тIулгаш а ийги.
Убыхан – тIаьххьара са.
ТIаьххьара патармаш ийци
Дийначу нохчочо схьа.

Дахаран, маршонан дуьхьа
Лаьттарчу йалсаманехь
Лаьтти вайн Кавказан дуьхьа
Иза бакъ боцчу тIамехь!

***

Сама со ма йаккха, нана,
Кескаш хуьлуш,
И стигла лелхахь а.
Миллионаш
Ираниш,
Ша болат санна.

Ма йаккха сама дахлахь а
И гIан –
Сагатдарх ца кхиънарг кхета –
Вайх, мухха делахь а,
Массарах къахета.

Со – кинохь.
Бакъо йу сан
Кхузахь сайн садаIа ховха –
Иза йу хаарехь хьан
Голливудан жовхIар.

Собар, со ца гIаттош де,
Цигахь баккъал а.
ТIадмех сиз дарца
Цхьа дош «чаккхе»
ДIайаздо
Дашца.

Суна го гIан:
Го стигла –
И кхехка йели
Сан корах
Мох схьалети:
Ангали дека дели.

Iаьржачу къигийн жатташ
Хьийзаш сан
ЦIенан тIехула йу.
Мохь бетта:
«Сама йала,
ДIаделла бIаьргаш!
Иза тIом бу!»
– ГIаттахьа! Сихха!
Йоссахьа вайн ларми чу.
– ХIун? Мачаш мичахь йу?
– ДIогахь! Аьррухьа!
– ШайтIано дIаэцарш,
Мичахь йу йуха?..

«ХIун гIовгIа?»
– Со – хIинцца!
Ва, хIинцца со!
Нийса «Динамо»
Майданахь санна…
Ва, Дела.
Ва Дела!
Иза гIан дац?
– Ахь… йий-кха со,
Нана!

ДЕРА СТАГ

Дера хьажар,
ГIулч – йеза,
Дера хьажар,
Стаг – веза
Муьлхачу нанас хьан техкийна ага?
Хьанделла ло
Ал-цIечу цIийн чопанех.
ЦIийделчу мехаша
Йо Iуьйре къага,
Хьан дешнаш дуьззина
Ду пуьташехь:
«Машаран лйуьлле
Вай боккхуьйтур го!»
Ткъа айхьа йукъ-кара
Летора цIерш.
ДогIанехь хьоьжура
Корашка хьо,
Маршо луш эткашна, неIарш кегъеш,
Кхиберш шаьш шайн цIийлахь башийча, дIо
Делашца нисвора ша шен дагахь…
Дера стаг,
Дерачу куьйгаца цо
Баржийра «дарбане»кхерам кхузахь.
Мехкашка, цкъа бертахь хиллачу шеца.
ЙУха а герз карахь иза схьакхечи.

52 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.