ГАУ «Издательский дом»

ГУСАЛОВ Борис. Бецан хелиг

Гусалов Борис вина 1940-чу шеран бекарг беттан 20-чу дийнахь Къилбаседа Х1ирийчоьнан Зилга ц1е йолчу йуьртахь. Йуккъера ишкол чекхйаьккхинчул т1аьхьа, деша вахна Владикавказерчу хьехархойн институте. Диплом схьаэцначул т1аьхьа оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш белхаш бина Х1ирийчохь а, Нохчийчохь а. 1968-чу шарахь дуьйна къахьегна газетийн а, литературин журналийн а редакцишкахь. Т1аьххьарчу 30 шарахь гергга болх беш ву «Мах Дуг» журналан прозин декъан редактор волуш. Прозехь йазйинчу 8 жайнин автор ву. Царна йукъахь дийцарш, повесташ, романаш, публицистика а йу.

– ХIей, Ашамо! Со хезий хьуна?
– ХIаъ, Вано, хеза. ГIирмехь – цIергахь, кIуьралахь велахь а…
– Лаза ца вина хьо хIинца а?
– Жимма къовзийна. Амма дийна ву-вац аьлча – ца хаьа – оццул гергагIоьртина Iожалла.
– ХIаъ, изза хьал ду-кх соьгахь а, дегIа тIехь цхьа а арс доццушехь. Ашамо, хьо Зилга йуьртара варий? – иэс кIуьрах дуьзна сан, аьлча а иэсах кIурз боьлла.
– ХIаъ, цигара ву. Ас ала ма элира хьоьга.
– Лергаш, бамбеш дехкича санна, ма ду хIокху пашистийн гIовгIанехь.
– Вано, хьо Тулатово-Бесланера-м вац? ЦIенош цхьаьнца хийца-м ца хийцина ахь? Мухха делахь а, Беслан гIала ма йай!


– ХIаъ, хийцина Севастопольца. ХIирийчоьнан йалсамани ГIирмерачу жоьжахатех. Казбек лам хийцина Сапун ломах.
– Вай, Вано, Вано! Хьо бакъволу къонах ву, хIинца а забарш йан дог догIуш велахь. ХIаъ, йалсаманера жоьжагIате боьдучу некъа тIехь цхьа ворда йац йоьжна. Вай муха йийр йара-те хIокху жоьжахатара йум?
– Хьаькамаша, шаьш бевдда а ца Iаш, шайн тIехьийза зударий а эцна, йум йина кхузара.
– ХIинца хьо ву-кх сан, цIеэскархочун, коьрта хьаькам, сержант Дзагоев. Омра дехьа суна… хIун дара и… палто тега исхари ло, алий.
– Вешан лаамаехь, хIара меттиг йитина вухавалахь, вайшинна хIун хир ду хаьий хьуна?
– Вано, ма велавехьа со! Омра дехьа, тIамца вухавала, хьалххе кечйинчу метте.
Эццахь цIаьххьана Ашамо воьлуш, йа велхаран къурдаш деш, хетаделира Ванона.
– Ахь хIун до?


– ХIа-а, хIумма а ца до. Эцца йовхар иккхинера.
– Делахь-хIета, ладогIа сан буьйре, сол воккха, йа ротни а, йа батальонан а хьаькам гонаха гуш вацахь, ас омра до: хIара меттиг а йитий, дехьавала, хьайн долчух пайдаоьцуш: голаш тIехь, гай тIехь текхаш, когашца кхоссалуш. Вешан ППШ охьакхосса, царна йа патармаш, йа цхьамзанаш а дац.
– Хен тIаккха?
– Схьаэца, хьайна лаахь, сан хен тилкхаз даьндарго аьтта, аьтта хIаллакбина. Вайна дагахь йисина ца Iаш, Фриц Гитлеровична а дагахь йуьсур йу хIара «Севастополан вальс». Хьа-хьа-хьа! ХIокху шерашкахь иштта доггах, дуьххьара велавелла со хIокху шерашкахь. Велла дIаваллалц дагахь дуьсур ду боху ас, Iовдал…. Iуьйре кхаччалц мукъане а…. Амма забарш тIаьхьа йийр йу, ткъа хIинца, Ашамо, гой хьуна хIордан бердан йисттехь кIохцал-колл?


– ХIаъ. Хетарехь, цхьаьннан лаба йоцу куй бу цигахь Iуьллуш.
– Билггал иштта ду! Цу азимуте дIатакхаде хьайн дегI. Фамили а йу хьан терайогIуш: Азиаев.
– Ткъа хьо хIун дан дагахь ву?
– Сой? Фриц Гитлеровичан самукъадаккха кIордийна суна кхерарца, со сайн колхозан счетоводан йуккъерчу деггIалц а доцу сайн дерриге а дегI гIаттийна, ваха воллу: хьанна хаьа, фашисташна аьчкан жIара йаккха сан цхьаьннан Iожалла тIеоьший! ЖIаьлеша цестаршна цхьа дика болх бан воллу со.
– Хьо хьайх сагIа а дина, турпалхо санна, валале хьалха, Вано, дийцахьа кхайкхаза баьхкинчу немцойх масанна, шайн ворхIе дай болчу командировочни йазйина ахь?
– Иссанна!


– Ас – ворхIанна.
– Стенна делахь а, немцойн эшам ХIирийчохь деза лору терахьаш нисло-кх вайшиннан.
– ХIаъ, тIом а ма бай сийлахь-беза!
– Тоьур ду кIар-кIар йеко! Хьалхавала, йуханехьа Кавказан бердашка! ХIирийн Уастерджин вайца ву, аьлча а сийлахь Георгий Толамхо!
… Вано хьала а гIаьттина, цIеэскархочун сержантан дегI нисдеш, дIаволавелира, мостагIна букъ а берзийна, тоха, йовсар, букъах, бохуш. Вахара, ма-хуьллу, шен кач боцучу тужуркех а хьарчавелла, цо ша ларвийр волуш санна. ШолгIа шо ду хIокхо иза лелайо, аьхка йовхонах, Iаьно шелонах ларвеш, узбекийн бамба мел тоьу.


ТIаьхьо, итт шо хан йаьлча, Бесланерачу дешархошна Ванос дуьйцура, цуьрриг аьшпаш ца буттуш:
– Шайна лаахь – теша, ца лаахь – ма теша, тешча гIоли-м ду шуна, хIунда аьлча, цкъа а сайн дахарехь, хьоза санна, ца векна со, аьлча а, харцдерг ца дийцина.. Иштта, хьала а нисвелла лаьцначу меттера, дехьаволуш ву со. Охьа а ца таьIа, вада а ца воду, цхьогал санна, дехьа-сехьа вуьйлуш вац, нийсса хIордан йист Iалашо а лаьцна, дехьавала тилкхаз кема, бурам йа майра чIерийлецархо хир вац-те бохуш, дегайовхонца, шек дIа а воцуш, воьдуш ву со. Дегайовхо эрна ца хиллера: чIерийлецархочо дехьаваьккхира со а, соьца кхоъ лазийнарг а Новороссийскана улле.


Воьдуш ву-кхи со, дIа а ца лечкъаш, массарна а гуш. Немцоша тIейетта суна, вовшашца къийса а луш, хьалха хьенан кхетар йу, бохуш, совгIатна къаьркъан шиша а диллина, хIан-хIа, шнапсан шиша а диллина. Церан малар ду иза. Амма цхьана а фрицо схьа-м ца даьстира и шиша. Бакъду, сан тужурки чуьра цхьаццанхьара месаш арайевлира, месаш аьлча а, бамба.
Муха-муха? Кхера-м ца велира со, боху ахь? ХIан-хIа. Суна бен дIа а дацара Фриц Гитлеровичо хIуъа дича а. Сан йуьртахочунна Ашамона хIун хилира, хоьтту аш? Иза а кIелхьаравелира. Могуш-маьрша вехаш ву, хила ма-везза кIант ву.


Вано, раз-пурх а вуьйлуш, легIанчу басехула жимачу боьра воьссира. Цигахь бIаьстенца денлучу татолан декъа харш дара. Цунна бухахь, хIумма а доцуш санна, массо бохамашна дуьхьал хаза сенлуш буц йара, немцошна хIуьттаренна, къар ца луш, дахаре кхийдаш.
КхидIа ша хIун дан деза ойла йан, Вано шерачу метте охьавуьжжушехь, итт-шийтта метр дехьахь цициг-кIорнех бIаьрг кхийтира цуьнан.
Ванона хазахета цIегIо-хьаьрса бос бара цуьнан. Цициг-кIорни лечкъаргех ловзуш дара, ах-йакъайеллачу бецашна тIехьа а лечкъаш. Цкъа цхьана агIор, ларлуш, схьа а къедий, когаца хIаваъ цостий, йуха вукху агIор схьакъедаш, кхоссадала, тIаме чухьада кечделча санна. Ловзуш лаьтташехь, кхуьнга хаттаре схьахьожура иза, кхуьнга, адаме, реза вуй хьо, бохуш санна, сан тIамна бечу кечамна. Йа дада ша ницкъаш алссам болчу луларчу боьранахь дехачу цицигах.


Вай Хуцау! Ва Дела! ХIара цициг-кIорни санна ду-кх тхо, дерриг а тIемалой, хIунда аьлча тхан гIортор кхузахь, Крымехь-цIергахь, кIуьрлахь, командирийн гIалаташ бахьанехь хIокху жоьжахатехь нисделлачу…. Иза-х и дIо бецан хелиг ду! Хьомечу тIулгийн лаьттан бецан хелиг. Тхан гIап, тхан бIов, тхан… тхан йерриг а гIортор – тхан турс! Кхолламна хьалха а…
ХIаъ…
Делахь а…


Нагахь цIергахь догучу дерриге а дуьненна дуьхьало а хилла, дакъаделлачу татолан бух тIехь сенйала бецан ницкъ тоьънехь, делахь-хIета, халкъан лазаман бух тIехь а ницкъ карор бу, Фриц Германович, хьуна кIезиг хетар боцуш: хьан когийн кIажош Крыман ирачу тIулгаша цIанбина, тхайчарал а чIогIа къегар бу, хьо ведда малхбузехьа дIаэккхаш!
Вай, пису, пису, сан дашо-хьаьрсаниг! Баркалла! Дала Iалашдойла хьо….


ВорхI шо даьллачул тIаьхьа, Ашамоца цхьаьнакхийтира и шиъ ХIирийчохь, шайн лаамехь тIеман меттиг йитина аьлла, чувоьллинчуьра араваьлча. Дукха дийцира цаьршимма шайн накъост тIемало чевнех веллачу тезетахь. ТIаьххьара, дIасакъаьсташ, Ванос хаьттира цуьнга:
– Ашамо, хIинца йуха а изза хилча… «ХьалагIатта, боккха мохк»…тIаккха ахь хIун дийр дара?
– Ткъа ахь?
– Ахь хIун до, зилгинхо, хаттарна дуьхьал хаттарца жоп луш? Асий?… Со гIоттур вара. ХIунда аьлча, хиллане а хила йиш ма йац: цхьаъ бакъ волуш, ткъа вай бакъ доцуш. Даймохк – дайн латта – вайн, салтийн-сержантийн долччул ма дац командирийн. Хьайн дагахь латтаде иза! Мегар ду, дIа а ца вовш, гуш-хезаш хила. Дала пурба лахь гур ду вай!
– Дала мукъалахь, накъост командир-сержант!

Гочдинарг – Алиева Зарина

Орга №2. 2022

26 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.