ГАУ «Издательский дом»

ИМАЕВ Тапа. Дайн лорах. Чаккхе

Хиллачийн бух тIехь

ТIай тIехь тасадаларш

Луралла тIедоьжна,
Кхерчаш шелбелла,
Шен чIирхойх хьулвала
Меттигаш лоьхуш,
Хийла а лелара
Лечкъаш, гIелвелла…
Ткъа цIахь берш хьийзара,
МаслаIат доьхуш…

Харцонаш кхийдочу
Iедалца къуьйсуш
Лелачунна а кхин
Дуьне ца гора…
Хийцамаш хиларе
Дехха сатуьйсуш,
Царам-м шайн синош дIа
Йорах ца лора…

Уьш хилла обаргаш –
Бакъ нохчийн кIентий!..
Ткъа церан сий бехдеш –
Талорхой хилла,
ГIаддайнарш ца буьтуш,
Уьш атта хетий, –
Воьй а! – йоккхий хьора,
Хьовзадой хIилла…

Наггахь бен «гIалх» олуш,
ЖIаьлеш ца лета…
Тийналлехь йуьртана
Набар тар туьйсу…
Генара седарчий
Дегадеш, лепа…
Йурт йижош, дIахьерча
Аьхкенан буьйса…

Буьйсанна жIаьлеха
ХIоз хуьлчу хенахь,
Йуьрта чу баьхкира
Цхьа къуй – талорхой.
Царех кхоъ Соьлжана
Сеци тIай кIелахь,
Вохуьйтуш шиъ хьажа
Адам хаалой…

Ткъа буьйса йукъал тIех
Тиллачу хенахь,
Iали доттагIашца
Хан йоккхуш Iийна,
Шен цIа вогIуш, дайра
Ши гIаларт генахь: –
Кертара ши гомаш
Карийра йигна…

Хьем ца беш, велира
ТIаьхьа даьхнина
Iали шен вешица –
Абумуслимца…
Къуй тIай тIе хьаьвдира,
Гомаш дIахецна –
Бацара некъ маьрша
ДIабаха хIинца…

Шиннах пхиъ тийсалуш,
ТIай тIехь топ йели… –
Сина метта кхетта,
Iали дIатийра…
Пхеанца тийсалуш,
Цхьаъ дуьхьалвели,
Вешин чIир ца оьцуш
Ца бузо кийра…

Баттара йаьккхина
Талорхон шаьлта,
Ка-чехка лецира
Абумуслима
Дерзинчу куьйгашца…
Амма цаваьлла,
Шаьлтанан ира дитт
Кьуйга дижийра…

Амма схьа-м йаьккхира
Цуьнгара шаьлта…
Шаьлтанан оьхьиг цо
ТIейерзош цунна,
Шен ге тIе мукъ хIоттош,
Ондда тIетаьIна,
Йахийтира чоже
Талорхочунна.
Уьш сихонца, бевдда,
Бевллера къайла,
Шайха цхьаъ талорхо
Текхош ваьхьнера…
ГIуларийн саьнгаршкахь
ЦIийн лар дIайайра,
Абумуслим тIай тIехь
Ша цхьаъ виснера…

Вийначу шен вешин
ХIоьттина гIовла,
Кхозучу пхьаьрсашца,
Могуш куьг доцуш…
ТIаьххьара куьг хьокхуш,
БIаьра-негIар къовла
Лаьттара, йиш йоьхна,
Цхьа накъост воцуш.

ГIодайукъ йихкина
КIайчу гатанца,
Герз даьлла агIорхьа –
ТIай тIе – хьаьдира
Iалин хIусамнана,
Даго хьегIарца…
ЦIех дуьзна куьйгашца
Марваша гира…

57 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.