ГАУ «Издательский дом»

Муртазов Iадлан. Кадыров Ахьмад-Хьаьжина

Масане хилла хьан, Нохчийчоь,
Турпалхой, яхна шайн цIарна цIе?
Масане къонахий хьан хилла,
Хьан дуьхьа шайн дахар дIаделла?
ТIаьххьарчех ткъа турпал ша хилла,
Ахьмад-Хьаьжа вевзира дуьненна.
ХIан-хIа, и лелла вац шен дуьхьа,
Хьан дуьхьа, ДегIаста, ваьхна ву.
Цундела дуьненахь сий ду хьан,
Везачу АллахIана хастам бу.
Амма бу шайн дуьхьа лелларш а,
Амма уьш даима эшна бу.
Халкъалахь цIе юьсуш белларш-ма,
Уьш дуьне мел деха бехар бу.
Ахьмад-Хьаьжа, БойсагIар, Мовлади,
Мансур Шайх, Харачойн Зеламха,
Бийболат, Асланбек, Акхтула,
Ханпаша, Жаьммирза, Таймасха…
Ерриге цIерш яьхна вер а вуй?
Ишттачу турпалхойн хьуьнарца
Азаллехь дуьйна вай дехаш ду,
Вайн декхар – ларар уьш хастамца.
Вицлур вац халкъана Ахьмад-Хьаьжа,
И саннарг ца вицло цкъа а,
И ю-кх вайн юьхь а, вайн сий а,
Лорур вай сийлахь цIе, айъина.
Сийлахь ю хьомсара ДегIаста,
И къонах кхиарна дуьзна дог.
Эрна и ца ваьхна дайн лаьттахь,
Толамца боккхуш шен хIора ког.
Амма вайн исторехь йисина
Вайна ца безначийн цIерш а,
Цара вайх дIаьвше церг тийсина,
Кхетадер вай цунах бераш а.
Ермолов, Сталин а, Ельцин а…
ХIун деа цара вайн халкъана?
Церан къизалла а, амал а
Ма бале ели дайн лаьттана.
ХIиттор бу дажалшна хIолламаш-м,
ЦIерш а йохур ю айъина,
Амма уьш буьсур бац вай иэсехь-м,
ДIахьур ю махо цIерш, чим санна.
Зеламхин хIоллам ша бохийча,
Ахьмадна тешнабехк ша бича,
Къам даржош махках ша даьккхича,
Моьттура вай довр ду мостагIна.
ХIан-хIа, вай духур дац, довр а дац,
ДегIаста, хьан Iадат сийлахь ду,
Халонаш тIехIиттарх къарлур дац,
Даймехкан сий деш вай дехар ду.
Ахьмад-Хьаьжа – цкъа а и вицлур вац,
Вайн халкъан иэсехь бу хIоллам-ма,
Ахьмад-Хьаьжа вицлучех хилла вац.
Иштта бу, Даймохк, хьан турпалхой,
Азаллехь дуьйна ахь кхиийнарш,
Дуьненахь доггах хьан сий а дой,
ЦIе юьсуш яха шайн дIабахнарш.
Ма хьовза йохий хьо, Нохчийчоь,
Турпалхой дIабевлла хьайн алий,
Тахна а дайна дац церан доь,
Турпалхой дебош бу вайн Дала.
БIешаро цхьаъ я шиъ бен ца ло,
КIезиг бу хьакъберш и дарж дала,
Ма хьалххе Iожалло уьш дIахьо,
Амма дош дуьсуш ду уьш баларх.
Масане, Нохчийчоь, хьан хилла
Турпалхой шайн цIарна цIе яхна,
ТIаьххьарчех ткъа турпал ша хилла,
Ахьмад-Хьаьжа вевзира дуьненна.

Орга №3.2021
https://izdat-dom.ru/

17 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.