ГАУ «Издательский дом»

ХИЗРИЕВ Адам. Стихаш

Къолам

Пайда бац къолам схьаэцарх,
Цу буха кIайн кехат лецарх,
Дегаза баьккхина уьрсах,
ДIаязде бахарх ахь ирсах.

Эца бац хьо башха беза,
Механа ца хиллал реза.
Дош охьадилларх а говза,
Буо санна дуьсу хьан йоза.

Ахь дуьйцу байташкахь хьоза,
ЙоIана кховдийна роза,
Даймехкан лардина доза.
Некъ буьйцу диканиг довза!

Деса дош дуьту ахь цIовза,
Дихкина кехатца ловзар.
Хуур ду хьан амал йовза,
Бегашца бинехь цуо къовза.

Аьрта даш кехатна терса,
ХIоттийна нийсонан терза.
Хийла хьо тарбели барзах,
Ца кхоьруш тухучу герзах.

Мах бу хьан дешел а беза,
Нагахь дош яздинехь деза.
Бакъонна ца хиллехь Iеса,
Кхиадеш йозанан хесахь.

Моьттура

Моьттура хир ву суо кийча,
Муьлхха а хазалла йийца.
Хьежамехь ойла тIекхиъча,
Моьттура каде ву дийца.

Ца хIутту къолам дIахеца,
Собаран васт доцу шеца.
Лаьа-те ойла дIаэца,
Цу йоьIан де-буьйса хийца?

Шовданах цхьа кана эцна,
Са ду хьан ийманчохь сецца.
Комаьрша ши куьг ду хецна,
Халкъана хир ю хьо яьцна.

Керт юцуш элпаца, дашца,
Дуккха ду яздан хьох лаьцна.
Хьайн цIарах могIанаш дешча,
Ца къежаш хир ю, бехк лаьцна.

Тов ахьа зезагаш дийцар,
Аренца полларчий лецар!
Тов суна хьо дагалецар,
Хьо хестош поэзи йийцар!

Дегнаш шайн даста

Вас хилла дегнаш шайн даста,
Мацах цкъа човхийнарг хьаста.
ГIура а дIайолу бIаьста,
Хьуьнар ду цуьнан ша баста.

Аш уьйрийн сенаш ма цеста,
Кхуьур ду вай вовшех къеста.
Мискачо дойла вай хеста,
Куралло ма дойла леста.

Дика шайн вуочуьнца дуста,
Юкъара нехан дов листа.
Лаьцнариг дуьненан дуьрста,
ДоттагIех ма гIерта къеста.

Уьнах ша цIена ю бIаьсте,
Йирзина хазачу васте.
Сихаллехь бина шад бастий,
Дахалаш, оьгIазло ястий!

Дош

ХIай, ца олуш дитна дош,
Ца лоцу хьо наха теш.
Дешица хьан мах хадош,
Хеза хийла, хьо хестош.

Ткъа, ч1агIонна делла дош,
Чолхе ю хьан амалаш.
ХIунда ду хьо ха хоьрцуш,
Кхардош хьайха адамаш?

ХIай, машарна аьлла дош,
Къонах хилла хьо кхиош!
Ямартлонна тухуш даш,
Ца хилла хьо са кхоош.

Синна кхача дIакховдош,
СагIийна а ду хьо дош.
Диканна а мах хадош,
Нийсо даге дIакхачош.

72 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.