ГАУ «Издательский дом»

АБДУЛАЕВ Леча

Адамаш-куьзганаш

Вай ваьшка кхечийн бIаьргашкахула хьуьйсу,
ваьшна гург цхьаъ долуш, кхечийн бIаьргашкахула вайна вешан го суьрташ эзарнаш долуш.
Оцу нехан бIаьргаш чохь хIуьттучу эзарнаш суьрташа цкъа а цхьаъ хила а ца дуьту вайна куьзган чохь го вешан и цхьа сурт.
Цхьаннан бIаьргашкахула хьаьжча, хьуна и хьайн сурт хьайна долучул тоьлашха, товш хета.
Кхечун бIаьргашкахула хьаьжча, – мелхо а эшна, эрчадаьлла карадо.

Стагца Iаь я́р а я цая́р а иза хила там беца – цуьнан бIаьргашкахула хьаьжча, хьуна го хьуо хьайна та́р я цата́р.
И сурт хьайна товчохь хьан саца дог догIу…
Ца тов меттиг йита дог догIу.

Тоьшийла дуй, цхьанна ша везаш, шена иза ца везачу я, шена цхьаъ везаш, цунна ша ца везачу хьолах?
ХIан-хIа!
Шена цхьаъ везар – иза, цуьнан бIаьргашкахула хьаьжна го ша а шена везар, та́н мукъне а та́р хила деза.
Ткъа шена цхьаъ цавезар цуьнан бIаьргашкахула хьаьжна гун ша шена цавезар ду…
Эша а цаэшар…

Суна иза, аьлча а, хьан бIаьргашкахула хьаьжна го суо ца веза, тан а ца тов. ТIаккха хьуна иза тов бохучух а ца теша со…

1997 ш

Цхьа масал – ши хьесап

Хилам, хуьлург, цхьаъ хуьлий, догIу хиламан, хуьлучун тешаша цунах эзар а, эзар эзар а до…
Вижар-гIаттар черми чохь долчу философна шен гонаца вогIий тIе хIутту дерриге а дуьне бохург санна шен когашка дуьжун долу Македонин къона паччахь Искандер. Цо Диогене аьлларг историно башха тидам кIаргбой а ца дуьйцу. Шегара хIун оьшу хьуна аьлла, хаьттина хиллачух тера ду цо.
̶ Малхана дуьхьал лаьтта хьо, ̶ олу цуьнга шен халбаталара схьа философо.
Цхьамма, хьоьгара хIумма а ца оьшу шена, маьлхан серло схьакхета йитахьа бохург хилла олий, до Диогена аьллачу дешнийн хьесап.
Кхечо: ̶ Малх дIахьулбалла воккха а, сийлахь а веца хьо, ̶̶ аьлла, философо паччахьна бина хастам лерина хир ду уьш.
Диогенан дешнийн хила дезарг, шеко йоццуш, хьалхара маьIна ду, амма, бIешераш бIешерашка дуьйлуш, церан дина хила там болчу шолгIачу маьIнина тIаьхьадаза дуьсу адамаш. Хьекъал-хьикматанчул царна ницкъан, дуьненан дохнан делил чIогIа хиларан тоьшалла ду иза. Хьекъал-хьикмат, ца хуьлучу даьлча, чермин чоьннал долу дуьне тоьачу охIланан хьал-бахам хуьлий дуьсу гуттаренна а.

2014 ш.

492 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.