ГАУ «Издательский дом»

ГIИЛЛАКХ

(бабин дийцарш)

Бабина гонах а хевшина, цуьнга ладоьгIуш Iара бераш. ТIехйолуш лулара йоккха стаг Баянт йара.
– Де дика дойла шун! Шу ма хаза Iаш ду?
– Диканца дукха йехийла хьо! Марша йогIийла, – аьлла, хьалагIевттира уьш. ТIаккха йоккхачу стеган де дика а деш, цунна маракхийтира бераш. Шен тайнигаш ловзош Iаш йолу жима Седа меттах а ца йелира.


– Дукха йахарг, Седа, хьо деца ца гуш Iаш йара? Оцу тайнигаша массо а хIума дицдалийтина хьуна, – аьлла, йоIехьа хьаьжира Баба.
Седа, эхь хетта, шен тайнигаш охьа а йехкина, Баянтан де дика а деш, цунна маракхийтира. – ХIара-м чIогIа дика йоI хилла,– аьлла цуьнан коьртах куьг хьаькхира Баянта. – Со йухайогIуш, хIокхунна цхьа хаза тайниг йохьур йу ас, – аьлла, Седина хазахетар а деш, дIайахара иза.
– Сан хьоменаш, ас цхьа хIума дуьйцур ду шуна, аш ладогIахь, – элира Бабас.
Бераш хазахетарца кечделира Бабига ладогIа.


– Нохчийн даима хилла гIиллакх ду воккхачунна а, тIевогIучунна а хьалагIаттар. Хьайн дика цунна дIадалар ду иза. Воккхачунна хьала цагIаттар, шел гIийлачунна гIо цалацар, хьеша-деца гIиллакхе цахилар чIогIа вуон хIума ду. Сан кхойтта шо долу хан йу иза, тхо махкахдаьхна, Казахстанехь долуш. Дийнахь сарралц болх бича, цкъа йаъал бен йаахIума ца хуьлура тхуна. ЧIогIа хала белхаш а дара уьш. Мацалло бIарздина, хала зама йара иза. ГIиллакхаш дуьйцучохь а дацара цу хенахь.

Со а, соьца болх беш болу мехкарий а йукъарчу столовехь хIума йууш Iаш дара тхо. Чоьхьабевлира баккхий нах. «Кхечу махкахь а ду вай, оцу баккхийчу нахана вай хьенан муьлш ду а ца хаьа», – аьлла, и зудабераш хьала а ца гIевттира царна. «Шу Iахь а, со-м Iийр йац шуна хьала ца гIоттуш», – аьлла, со хьалагIаьттира Iачуьра. Церан де дика а дина. Тхайца хIума йаа тIебийхира ас уьш. ЧIогIа баркал элира цара суна. Цхьана оьздачу бух тIера йу-кх хьо, бохуш.

ХIетахь дуьйна массарна а йукъахь, гIиллакх долуш йу церан йоI бохуш, дика цIе дIайахара сан. Гой шуна, Баба мацалла а ца йелла, сан хIумма а кIел а ца дисна, хIетахь цаьрца и гIиллакх лаьцна аьлла. Суна дика болх бира оцу гIиллакхо. Иштта ду-кх вайн къоман гIиллакхаш. Аш гIиллакх лелийча, шу оьзда хилча, шуна цунах боккха пайда хуьлу, наха шун дика цIе йоккху, шу бахьана долуш вайн массеран а дика цIе йоккху. Бабина а ма лаьа шу дика ду алийта. Бабас дика Iамийна шен бераш алийта, – аьлла, йелайелира Баба.


Седина чIогIа дагахкхийтира бабин и дийцар.
– Со цкъа а Iийр йац хьуна воккхачунна а, тIевогIучунна а хьала ца гIоттуш, – аьлла, бабина марахьаьрчира иза.
– Дукхайахарг, сан жиманиг, дашониг, бохуш, дукха хьистира цо иза. – Хьо дика бен хир йоций суна а ма хаьа. Дика ду-кх шу бабин долуш, бохуш, коьрта тIе куьг а хьоькхуш.

Халикова Асет

Стела1ад №1. 2021

204 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.