ГАУ «Издательский дом»

ГАЗА-ГУЬЗАЛГАШ. Халкъан туьйра

Дала шуна дика дарш, диканца шу дукха дахадарш, вуонна шу тIаьхьататтарш, диканна хьалхадахарш. Ас цхьа туьйра дуьйцур ду шуна, тур-тамаша  шуьга байта. Лунан лергаш самадахалаш, берзан бIаьргаш серлабахалаш!

Йехаш-Ӏаш хилла нана-газа. Цуьнан кхоъ буьхьиг хилла, цхьа гай, ши гай, кхо гай долуш газа-гуьзалгаш.
Нанас аьлла шен буьхьигашка:
– Вай хьуьна йисте сийна буц йаа, шийла шовда мала йахана йахка йеза.
Буьхьигаш резахилла. Йахана газа-гуьзалгаш. Хьуьна йистехь, сийна буц йууш, хьагйелча, шийла шовда молуш, тӀаккха кхиссалуш, ловзуш, самукъадаьлла лелаш хилла уьш.
Цхьа гай дерг йуьзна. Цуо аьлла ши гай долчуьнга:
– Со йуьзна, со цӀа йаха йоллу. Хьо йогӀий соьца?
Ши гай долчо аьлла:
– ХӀан-хӀа. Хьан цхьа гай дузарх, сан шиъ ца дуьзна. Со ца йогӀу.


Цхьа гай дерг ша цхьаъ цӀа йан новкъайаьлла. Йиш а локхуш, йогӀуш хилла иза:
Газа-гуьзалг йогӀуш йу,
Бацах йуьзна техкаш йу,
Болар чехка долуш йу,
Нанна дукхайезаш йу.
Газа-гуьзалгаш цӀа йахкаре хьоьжуш, тӀай бухахь, лечкъина, Ӏаш борз хилла. Буьхьигна дуьхьалйаьлла борз.
– Хьо мичара йогӀу, ва газа-гуьзалг? – аьлла хаьттина цо.
Кхерайелла, йега а йеш, аьлла газа-гуьзалго:
– Йажа-кхажа йахана йогӀу.
– Хьан синпха хӀунда беттало?
– Хьох кхоьруш беттало.


«Хьап» аьлла, дӀакхаьллина и барзо.
Ежаш, ежаш, ши гай дерг йуьзна. Кхо гай долчуьнга аьлла цуо:
– Сан ши гай дуьзна, со цӀа йаха йоллу. Хьо йогӀий?
– ХӀан-хӀа, хьан ши гай дузарх, сан кхо гай ца дуьзна, – аьлла вукхо.
Цуьнга а ца хьоьжуш, цӀа йан йаьлла ши гай дерг. Шен йиш а локхуш йогӀуш хилла и:
Газа-гуьзалг йогӀуш йу,
Бацах йуьзна техкаш йу,
Болар чехка долуш йу,
Нанна дукхайезаш йу.


Вукхунна санна, борз дуьхьалйаьлла цунна а.
– Хьо мичара йогӀу, ва газа-гуьзалг? – хаьттина барзо.
Кхерайелла, йега а йеш, жоп делла газа-гуьзалго:
– Йажа-кхажа йахана йогӀу.
– Хьан синпха хӀунда беттало?
– Хьох кхоьруш беттало.
«Хьап» аьлла, иза а дӀакхаьллина барзо.
Ежаш, ежаш, кхо гай дерг а йуьзна. Нене аьлла цуо:
– Сан кхо гай дуьзна, со цӀа йаха йоллу.


– Собар де, – аьлла нана-газано, – цхьаьна гӀур йу вайшиъ.
Амма нене ла а ца дугӀуш, новкъайаьлла жима газа-гуьзалг.
Йиш а локхуш, йогӀуш хилла и:
Газа-гуьзалг йогӀуш йу,
Бацах йуьзна техкаш йу,
Болар чехка долуш йу,
Нанна дукхайезаш йу.
Цунна а дуьхьалйаьлла борз.


– Хьо стенгара йогӀу, ва газа-гуьзалг? – хаьттина цо.
– Йажа-кхажа йахана йогӀу.
– Хьан синпха хӀунда беттало?
– Хьох кхоьруш беттало.
КхозлагӀниг а дӀакхаьллина барзо.
Йуза а йуьзна, шийла шовда а мелла, цӀа йан йаьлла нана-газа. Йиш а локхуш, йогӀуш хилла и:
Сох лата борз йац,
Бай тӀе йала гу бац.
МӀаь-аьъ.
Борз дуьхьалйаьлла нана-газанна.


– Хьо мичара йогӀу, ва нана-газа? – хаьттина цо.
– Йажа-кхажа йахана йогӀу.
– Хьан синпха хӀунда беттало?
– Хьох лата дог хилла беттало, – аьлла, барзана лата чухьаьдда нана-газа. Леташ, леташ хилла борззий, газий. ЦӀаьххьана газано, хьала а хьаьжна, аьлла:
– Малх соьгахьа бу.
И санна, малхе хьажа, борз хьалахьожжушехь, Нана-газано, гайх маӀаш а тоьхна, схьайаьхна шен буьхьигаш. ТӀаккха цуо цаьрга аьлла:
– Вовшашца бертахь хилалаш, даим цхьаьна лелалаш. Нанас аьлларг делаш. Барт ца хилча, нанас аьлларг а ца дича, кхерам хир бу шуна.
Цул тӀаьхьа чӀогӀа бертахь ехаш-Ӏаш хилла газа-гуьзалгаш.

Стела1ад №1. 2021

549 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.