Чухча-Хьера
Седарчаша, къайлах уьйр а
Латтош, бIаьргаш теIабо.
Бераллехь цкъа хезна туьйра
Лоьхуш, цаьрга хьоьжу со.
Хоьтту аса Чухча-Хьере:
«Мичхьа ю-те наьртийн юрт?
Мичхьа бу и оьзда береш?
ДоьгIна-техьа царна чурт?
Майра Пхьармат нанас вуьйцуш
Хийла тийна Iийна со.
Хезна туьйра хьуна дуьйцуш,
Хьоьга дехна цунна гIo.
Ала, диний цунна азат?
Я йийсарехь висна и?
Вахний цхьа а къиза Iазап
Дайдан цунна эцна хи?»
Чухча-Хьеро, гIийла керчаш,
Буьллу стиглахь керла гуо…………
…………………………………………………
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)















