ГАУ «Издательский дом»

ПАШАЕВ Нурди. Барзо диъна моз

Нанас лергах мехий дохуш,
КӀанте хьехар дина бах:
«Со йу хьуна цӀера йолуш,
Вуон ца лелаш Ӏелахь цӀахь,

Пешо «овиш» дийр ду хьуна,
Нагахь цунна тӀегӀортахь…
Вайн ишкап чохь борз йу хьуна,
Варий, неӀ ма йеллалахь!»

Амма кӀентан са ца тийна,
Нанас баьхнарг кхочушдан.
Ишкапан неӀ цуо йиллина,
Лечкъина Ӏа экха ган.

ЦӀа ма-кхеччи, гина нанна
Ишкапа чохь доцу моз,
Бехках хьалхаволуш кӀанта,
Цунна бехке йина борз.

Цициг Ӏара хур-хур деш,
КӀентан хӀилла тергалдеш:
«Моз даарна бехке борз яц», –
Бабе ала цицган мотт бац.

СТЕЛА1АД №3. 2021

4 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.