ГАУ «Издательский дом»

ГАЗИЕВА Аза. Зударийн къамел

Забаре дийцар

Алло! Алло! ЗIе ю-кх хьо, Дала йитахь… Маржан, со хезий хьуна? Алло! ЗIе-м дера яцара хIара, цхьа Делан гIуда ду-кх! Хьуна хазахь а, со-м яц хьуна хьоьга къамел дан де долуш… Яла-м ца ели со сийсара, дог даьттIа. Инфаркт микарда хиллера суна. ХIинца а дикка дIаяланза а ю. Пехех, ша цецах санна, Iуьргаш дийлина. Iонжар-м сан кхаанхьа иккхина!.. ХIун хир дара суна?! ХIокху, воьдуш гинчунна вогIуш ма гаро, майра аьлча а, хIара сахь сецориг вац суна хьалхара, цо сериале ца хьажийти-кх. Сахь хIунда сецадо бохург хIун ду??? Йисна Iаш елхьара, шарахь цкъа делла а, наха мархийн сахь лур ма дара суна!.. ХIинца хьалха, хIара малхана дуьхьал хIоьттина IиндагI долуш, суна сахь дохьуш мила вогIур ву?! Маржан, со лолда хьан, дийцахьа, хIун хилира оцу дон Педрих? Карийрий цунна и шена дукхаеза Хуансита?

Нийсса кино хьажа со охьахуъушехь, хIокху дийна ма леларо, шена когах жIов тоьхна, и можа бIагор баийтина суна, йий-кх цо со… И велчу со хьийзарг!.. ХIун деш хир вара иза? Йолуш бIаьсте яра, кертахь куьг тоха дезара, гам тусахьара аьллера ас цуьнга, цуьнан ши куьг гара дуй сайна хуъушехь. ГIоза ма хиларг, гома тIера хьостам хилла малбелла. И дIачIагIбан воллу ша бохуш, жIов етташ вара хIара. ТIаккха, сакхваьлла, шена Дала беллачу ницкъаца ластийна, аьтту коган нана-пIелгах жIов тоьхна. ЖIов хилла Iара моьттий хьуна иза? Ша цхьа варзап яра-кх! Мел чIогIа ластийра, дийна ма леларо, ингалсан хьостам чутухуш санна. Витахьа иза! Цунна-м хIун хир дара…Катоххий дийций ялахьа! Хуансита Iаш юй Умбертица?

Умберта дIа-м ца ваха Жануари йолчу? ХIор суьйранна чIогIа хьожуш ма яра со цу кинога. Сийсара хьожийла ца хили-кх. Ког лазийна шен бохуш, эха сахьтехь цхьана кога тIехь ирахкхиссавелла, тIаккха, вахана, оцу антенна тIекхетта хIара седа дуьхьал вахарг, и антенна бухъяьккхина, йити-кх со! Доккха хIума дац, ткъа хIокху йоккхачу кертахь, кхин кхета меттиг йоцуш санна, ваха а вахана, нал санна оцу антенна тIекхетар… Сан дакъазалла яра иза я-м, кхин хIумма а дац… Хьалхарчу буса цхьа вуон гIенаш гинера суна. ТIаккха, мухха кхеттехь а, и хабар-кост дIакхетта, лакхахьа юккъера кхуьнан йиша схьакхечи шийлачу маьхьарца: «Ва-а нанас йинарг яла хьан, хIун хили хьуна?!» – бохуш. ХIумма ца хилла аьлча а, юхайоьрзий, угIуш, ворхI велча санна.

ХIорш бац хьуна, Iаьржачу къийгел башха, лийр болуш а. Белла, барма тIехь дIахьош, догIанан кхо тIадам тIебожахь а, охьаховшур болуш бу, сан самалхадаларна кхоьруш… ТIаккха, схьадийцахьа: Леонси захало дуьйцуш вуй Мальвиница? Иза яло там бара цо, Эстерсита хи чохь бIаьргаш биллича санна а юьтуш. Тхан стеган когана-м хIун хир дара? ПIелг дIабаккхахь а, бухабуьсуш кхин а 19 пIелг бац цуьнан?! Аьтту коган нана-пIелган мIара дIаялар бен, хIумма а ца хиллера цунна-м… Дала дIаэцаро со кино хьажийтина елара, ша-шена бIостнехьа жIов ца етташ. Ког лазийнехь, дог гIелделла охьавожа ца мега, шовкъ еача санна, ирх а ца кхийсалуш, тIаккха, хIуьттаренна санна, вогIуш лаьтташехь антенна тIе ца кхеташ…

ВаллахIи, суна-м дон Роберто хаза стаг хета. ДIакхочур дуй хаахьара, кехат яздийр дара ас цуьнга. Мел товш стаг ву, алахь! ХIара цIоз Миладрос ю иза везаш. Ма кино йоккху-кх оцу мексиканцаша! Церан безамах хьоьгуш, цергех хиш туьйсу-кх суна. Массо а кинохь а Iанаоьхуш безам хуьлу церан. Вайна-м чIогIа къийбелла иза. Езаш вала волла ша бохуш, нускал далийнарг а, бутт а балале, акхахьоьжуш хуьлу, мичхьа хIун карор яр-те шена бохуш. Нехан кертара цIазам хазахеташ, леш бохку-кх вайн божарий…Тховса-м хьожур ю хьуна со цу кино, лулахошка яхна а. ДIаялахьа, вайчарна-м ЛУБОВ хIун ю дера ца хаьара…

Чайнан стака дотта а, тIечевхина, эр ду хьуна, дуьненна нуьйр тиллина ша Iаш санна. ХIара сайниг-м, хIетте а Эвтархойн Ахьмад, Джумин Акхтулла цхьана зоки чохь хила гIерташ, къахьоьгуш ма вуй, къелла «къикъ» бохуш, цхьа мези, ши сагал кисана а тесна, ша Iаш воллушехь. Къонах Умберто ву-кх. Гирий хьуна шен езарна совгIатна цо эцна берлиантови колье?! Кхерам бац хьуна сайчо суна и эцарна. Нускалан хенахь а, ур-атталла дуьнено тоьгуьйтуш йолу, хийцина юха коч ца тегийтира, со ден цIа яхале… Пенцо схьаоьцучу дийнахь бен, велакъежна, юьхь серла ца йолу, кхин йолу забар-кабар, бегаш хьехочохь дацара. ДIабаьлла болх бу хьуна!

Дика дера ду, жимма самалхадалийта хьажа хIара кино йолуш. Наб кхетар яц суна, тховса дон Педрос хIун до ца хьажахь… Вайн Делора вац иза, Хуансита езаш лелаш, эцца цуьнгахь шай-кай хааелла, тебаш ву-кх…Ва устаз, ма тера ву вайчарех…Хьалха кIантана йоI хьахийча, хаза юй иза олий, хоттура. ХIинца ахь йоI хьахаяхь, со кхобур волуш юй иза олий, хотту. Йоккхайийна ца йолу-кх, и куйнан бакъонаш сайна хийисте хIуьттур йоцуш. Дала тIе ма доийтила, хIинца кху ца догIучу дагца «хаза кIант», «хаза йоI» баха дезар…ХIаъ. Дика ду Маржан, ер ю со дIанехьа а.

Хьо а ялахь, схьанехьа, ког лазийначу тхан стаге хьажа йогIу аьлла, чуьра араяла доккха бахьана ду хьуна! Цунна хазахетар ду, баккъала хьо шега хьажа еана моьттуш. Ткъа вайша чай молуш, Роберто хьахош, кухни чохь Iийр ю… Вай-й, ма дика ду-кх хIара телефонаш мукъане йолуш! Мелла са паргIатдаьккхи ахьа, дерг-доцург схьадийцина, Маржан. ДIаIе хьайна, кино дIайолаяла йиснарг дукха хан яц. ХIинцца схьавогIур ву дон Педро, Хуансите шен аьрга безам бийца. Кечам бал бен хан ца йисна. Туькана иккхина, цхьа стака хIуш эца дезаш ю со. ЧIогIа мерза хуьлу уьш, кинога хьожучу хенахь дууш!… Марша Iойла!

Орга №2. 2021

5 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.