ГАУ «Издательский дом»

ДАКАЕВ СаьIидбек. Генара дуьйна…


***

Сан хIора гIулч юстуш лелла,
Кхоллам, ладогIахьа цкъа,
Тешамна дуй юкъабиллий,
Дехарна жоп лохьа, сан.

Дахаран кхехкачу пхьалгIахь
Векъалуш хиларх ши ах,
Сан хьашташ хIиттадеш хьалха,
Юьстах ма тетталахь нах.

Долчунна бIаьрмециг ваккхий,
Сан куьйгах ма белахь буй.
ТIекховдий коьртара баккхий,
Лаьтта ма кхоссалахь куй.

Бер дац со, куьг хьоькхуш хьеста –
Iемина хьан муьшкаш лан.
Вазвина, уьйрех ца къестош,
Виталахь яккха сайн хан.

Марзонаш юьстах ца хьоькхуш,
Синтокхехь латтаве со.
Адамийн вон-дика доькъуш,
Велаве, велхаве со.

ТIедоьжча, лан хьуьнар доцчу,
Диканан да ма ве сох,
Марзонах богу кхерч боцчу
ДIакхойкхуш, ма бетта мохь.

Даймехкан лаьттан чкъор доцчу,
Лахьти чу ма тарве со,
Орамо га тесна доцчохь,
ГIайгIано са къийзадо…

Нохчийн лаьтта тIехь…

Ойланаш гIиттаеш эшарехь,
Iаламан хелхаршца, говза,
Кху нохчийн ирсечу лаьтта тIехь
Iуьйренаш малхаца ловзу.

Мокхазан чIагIонца туьйсина,
Кхехкачу дахаран хьаьттахь.
Даймехкан маршонна къийсина,
Доьналла денделла лаьтта.

Къийлина садеттар кхачалой,
Безаман лууре долий,
Мехкарийн хазаллех лацалой,
Кийрара дог ловзадолу.

Ярташкахь хIусамаш яьржина,
Хьешана диллина кевнаш.
Ламанийн агIонех тийжина,
Ийало стогаллин бIаьвнаш.

Буьйсанан тийналла хьаьстина,
Мерза го набаран гIенаш.
Ойлано тIемаш тIехь кхерстина,
ЦIакхача сатуьйсу гIенахь.

ХIай нохчийн сийдолу латта ахь,
Хьайн некхан хьена тIум елла,
Кхиийна доьналлин аганахь,
Махкана къонахий белла.

Хьан кхерчах кхерстачу безамо
Лакхенийн халонаш йоьллий,
Кийрара долу аз хецалой,
Дешнаша мукъаме дуьллу.

Хьан уьйрех, марзонех хьаьрчина,
Зовкх хьоьгу, ирсан марш баьттIа,
Кхолламо азаллехь хаьржина
Нохчашна цIетоьхна латта!..


Iехалой, ма кховда
Ламанан бохь лаца, тIе, –
Са-айпе доьналла
Лаьмнаша тIелоцуш дац.
Шен хьуьнар цадевзарг
Маьттаза мохь Iадабеш,
Ког шерший чутилар
Лаьмнашна дезалуш дац.

Шайн накхойх дуьйлучу
Шовданийн хиш мийладеш,
Мокхазан амалех
Бахчийна цара вайн дай.
И лаьмнаш-м халонийн
Пусаран юьхьиг ца еш,
Ца керча гIиттина
Доьналлин чIагIонаш яй…

Нана дIаяьллачу дийнахь…

Нана дIаяьллачу дийнахь,
Кхолламан чевно лазийна,
Кийрара мохь-орца даьлла,
ЦIе яра сан ирсах яьлларг.

Нана дIаяьллачу дийнахь,
Йоьлхура стигланаш сийна,
Можа малх бос баьхьна тIера,
Сан къина хийцабеллера.

Нана дIаяьллачу дийнахь,
Нанас сан даг тIехь кхиийна,
Зезаг шен орамах хаьдда,
Дуьйжира балано кхаьдда.

Нана дIаяьллачу дийнахь,
Кошан барз тарбелла цIийнах,
Беснеш тIе керчадеш бIаьрхиш,
ДогIанах дилхира бIаьргаш.

Ойланийн гIенашка долий,
Наггахь и де кхочу, догIий.
Кхоьруш Iа со, хIетахь дуьйна,
Нана дIаяьллачу дийнах.

Генара дуьйна…

Эзар шерийн цIергахь дуьйна,
Нохчийн нехан синойх ийна,
Ца богуш, кху дийне кхаьчна,
Цхьа шатайпа кхоллам баьцна.

Чкъурах тилла, юьхь ца хуьйцуш,
Шалхо хилла, дош ца дуьйцуш,
Цуо сий лара, бертахь лелларш,
Ца къийзош, сан къоме делла.

Басар басах телхар доцуш,
Матар лаца мекха йоцуш,
Нохчийн къоман къилба хилла,
И дуьненахь лелабелла.

Осалбаьлла, чIикъ ца боккхуш,
БIангIарбаьлла, ког ца боккхуш,
И доьналлин лакхе лаьцна,
Нохчочунна хьанал баьцна…

Хьовсийша!..

Хьовсийша, малх санна,
Юьхь тIера ши бесни йогуш,
БIаьстенан зезагал
Хазъелла нохчий йоI йогIу.
Сатесна, хьаьстина,
Дистхуьлуш тIе-каре дала,
Кхевдина дуьненан Iалам.

Муьлхачу бешара карийна,
Муьлха стом биъна,
Хьовсийша, и мичахь,
Муьлхачу хIусамехь кхиъна.
Хьекъалан, гIиллакхийн
Бух боцчу Iилманан маттах,
ХIун жайнийн агIонаш
Iамийна, и муха кхетта.

Кхолламан лаамо


Кхоамца куьг хьаькхна, говза,
Кечйина техьа и
Малхаца хазалла къовса.
Хьовсийша, бIаьргаш чохь
Нур кхуьйсу ши седа богуш,
Хийла дог хьагийна,
Нохчийн йоI гой шуна йогIуш.

Кхолламо кхаж белла,
Леррина ирсан цIетоьхна,
Хир ву-кха декъалниг
Туьйранийн «маьлхан йоI» йоьгIнарг.
Яхь йолчу къонахчуьн
Безаман марзонах кхетта,
Дахаран ирсах уьш
Iебийла шайна ма-хетта.

Iаламан ловзар

Зазашлахь кечъелла,
БIаьстено говза,
Шуьйра тIам баржийна,
Ког шершабо.
Iаламо той дина,
ХIоттийна ловзар,
Ца кIордош, дезалой,
Сакъерало.

Беттаса, Iаьржа тIам
Шовдан чу туьйсуш,
ГIоргIачу шабаршка
ЛадоьгIуш Iа.
ГIо лаьцна, денделла,
ГIа-маргIал луьйсуш,
Мерзачу хIавао
Кхерстайо Iаь.

Хьун-тогIи Iадийна,
Олхазарш дека,
Зевнечу эшарех
Дог Iабадеш.
Генара гуш болчу
Ламанан некхах
Юрт тийжа, серлонаш
Меттахъхьееш.

Iаламан майданахь
БIаьстено говза,
Гуо туьйсуш, хелхаран
Ког шершабо.
Iаламо той дина,
ХIоттийна ловзар
Дезалой, ойланийн
Сакъерало…

Сан буьйса

Тийналла луьйсуш,
ДIатийна буьйса.
Лаьтта тIелетта,
Серло ю беттан.

Стигланан бога
Седарчех догу.
Ас екхна буьйса
Iаламца къуьйсу.

ХIавао тийна,
ГIа-бецах ийна,
Мерза чам кхоьхьуш,
Сан мере оьхьу.

Даг тIера кхехкаш,
Мох санна чехка,
Ойланаш кхерсташ,
Жималле леста.

Лар тегна некъаш,
Ченан кIур текхош,
Когаш кIел дуьйший,
Марзоне хуьйшу.

Серлоно туьйсу,
Сийна суй кхуьйсуш,
Генара седа
БIаьргаш чу леда.

Сан бертахь ловза,
Дуй биъна тховса,
Буьйсано хьоьстуш,
Ойланаш йосту.

Куйно хотту…

Нохчийн куйно
ТIетиллале хьалха хотту:
«Шен бозалла
Лалур дуй-те хьоьга, хIай?
Ма моьттийла
Хьуна, хир бу лело атта,
КIеда хиларх,
Хиларх пиллаг санна байн.

Куй тIетуьллу
Корта лаца, ворта яцахь,
Хаьий хьуна,
Хийла да сох кхаьрдар вуй?
Нагахь куйнан
Доладан хьо къонах вацахь,
Куьг ца Iуттуш,
Биталахь ша болччохь куй…»

Ас хIинца ца олу…

Ас хIинца къехкайо
Безамах юьйцина байташ. –
БIаьстенан зезагаш
Ца довлу шийлачу лай тIехь.
Дагах чекхтийсалуш,
КIур бина лайн ченаш хьоькхуш,
Iуьйрено сан лерехь
Сагатдеш, шийла мох лоькху.

Ас хIинца цхьаьнгга а
«Хьо езаелла» – ца олу;
Къерачу безамна
Петухий, со генаволу.
Ойлано шеконийн
Дахкарлахь цадевзарш оьхьуш,
Къайленга левчкъина,
Гуш йоцу кханенаш оьхьу…

Гена юкъ йиллинчу
Сайн некъан йозанаш доьшуш,
Ойланийн биллинчу
БIаьргашца со юхахьоьжу.
Сайн шуьнехь чам тайна,
Мел догIу вуон-дика муьйлуш,
Сайца йорт йиттинчу
Дахарна дохко ца вуьйлу…

Со-м дIавоьду, волий…

Гена араволуш,
«Марша гIойла», – олуш,
БIаьргийн шийла къежар,
ГIийла тIаьхьахьежар,
Деган кийра дулий,
Соьца новкъадолу…

Некъаш тегна генаш
Кхийзадаларх гена,
И хьан бIаьрахьежар,
Дог ца догIуш къежар,
Даго дуьхьаллоьцуш,
Ойланашца соьцу.

Сингаттамо Iуьйшуш,
Некъан болар луьйсуш,
Деган пенах тесна,
Хьоме амат эцна,
Синтем чомах болий,
Со-м дIавоьду, волий.

Ойла кхерсташ герга,
Хьан марзонийн цIергахь,
Даккхий синош дохуш,
Ваттавала, вогуш,
Марша Iойла – олий.
Со-м дIавоьду, волий.

Орга 2.2018

1 533 комментария